Районный конкурс " Сохраним язык, культуру-сохраним народ"
Конкурсан декъашхо юкъараллин хьехархо Шапаева Н.Х. Скачать Согласие на обработку персональных данных Скачать Заявка
Проект "Мотт мел бу-дехар ду къам!" Проектах лаьцна дош. Къоман культура кхуьу эзар шерийн к1оргенехь, заза доккху шен къомаца, лан а ле цуьнца. Герзан ницкъаца яйъа йиш яц иза, доьналлин омрица д1аяккха йиш яц иза, и еха халкъан дагчохь, экама,1ожалла йоцу халкъан са санна. Къоман культура кхиорехь, цуьнан башхалла ларъярехь коьрта меттиг д1алоцу матто. Ненан мотт хааро дуьненах болу кхетам кхио, цунах лаьцна хаарш шордан, кхиамца нохчийн маттахь йолу киншканаш ешаро кхетош-кхиорхойн 1амо таро хуьлуьйту школазхой. Ненан меттан хазна езаш хиларо, нохчийн исбаьхьаллин литература ешаро шен къоман оьздангаллийн, ламастийн бакъонаш йовзуьйтуш кхиабо школазхой. Кхиорхойн коьрта 1алашо, дешнаш, туьйранаш 1амийна ца 1аш, школазхойн сих халкъан мотт бозабалийтар ю. Юкъайовлуш керла техналогиш, х1иттош керла стандарташ ю. Лаккхара корматалла йолуш, к1орггера хаарш долуш хила еза х1инцалера кхиорхо. Цхьана занятин гурахь сацар к1еззиг ду школазхойн матте безам кхио. цуьнан аьхналла, хазалла йовзийта. Х1унда аьлча, вайн берийн ненан маттахь вовшашца йолу уьйр к1езиг хуьлу. Йа, хьалха санна, ц1ахь доьзалехь, Нанас шен бераца нохчийн маттахь къамелаш дар а к1еззиг хуьлу. Дукхах йолу хан, кхузахь, берийн бешахь йоккху беро. Цунна ду, х1ара проект кечъяран бахьана. Х1окху проекто г1о дийр ду кхетош-кхиорхошна берашца бечу балха т1ехь. Уггар хьалха х1окху проекто довзуьйту вайн нохчийн мехкан мехаллаш –мотт, къам, культура. Х1ара проект цхьана низамехь вовшах тохар атта дац кхиорхошна. Ткъа вайна хаьа берийн бошмашкахь кхетош кхиоран болх къоман г1иллакх-оьздангаллех боьзна хила безар. Цундела мехала ду нохчийн маттахь тайп-тайпана цхьаьнакхетарш д1адахьар, дайн г1иллакхаш, ламасташ дуьйцуш, къоман культурица дог1уш долу деза денош даздар, т1аккха бевзар бу, боьвзича безар бу царна нохчийн мотт, безаш хилча лар а бийр бу цара иза. Заняти – иза хаарш хилла ма ца 1а, занятехь вай кхиориг адам ду. Вай цунна кхиа г1о дахь. кхин д1а а цуьнан лаам хир ма бу кхета шех а, шена гонахарчарех а. Адамо адаме шен хьежам, шен лаам, шен лазам я шена хилла хазахетар, халахетар довзийтаран г1ирс хилла ца 1а мотт. Иза адаман ша схьадаьллачу орамашца йолу з1е а, дахарехь цо шен дуьне схьадоьллу дог1а а ду. Нохчийн нехан даима хилла ю ненан маттаца, дайн кхерчаца, шаьш бинчу махкаца, дайн кешнашца йолу з1е. Меттан мехаллашца цхьаьна, дайша битина г1иллакх - оьздангаллин некъ нийса кхетор, цуьнга заза даккхийтар, къона чкъор шен нохчаллех кхетош - кхиор коьрта декхар хила дезаш ду х1оранна а. Иштта нохчийн къоман орам хилла дисина ду 1адаташ, вайн дайша т1аьхьарчу т1аьхьене кховдош, лардеш схьадеана долу. Тахана вайн йиш ю вешан маттахь, массо меттехь къоман культура йовза, 1амо, Даймохк лара, беза. Цунна ч1ог1а т1е1ат1къам бина вайн куьйгалхоша. Вайн къоман хазна ю – къоман г1иллакхаш, ламасташ, 1адаташ. 15 - 20 шо хьалхалерниг дац адам тахана, адам малоне дирзина, массо а х1ума атта лаьа. Берашца цхьаьна йоккху хан-зама, къамел дар к1еззиг ду тахана вайн маттахь. Вайн мотт ненан мотт бу, цундела нанас бере бийца безара иза, ц1ена а, хаза а.
Скачать Проектан план Скачать Проектан презентаци Скачать Аганан илли
Скачать Консультаци «Къам дийна ду – цуьнан мотт, культура дийна мел ду» Скачать Дийцар «Кхункхаш кхехкор» Скачать Мероприяти «Урд оху – х1у тосу де!»
Скачать Къамел сурт х1оттош «Йовлакх тасар» Скачать Г1уллакхан ловзар «Бовза беза нохчийн мотт» Скачать Къамел сурт х1оттош «Баби белхи» Скачать Мероприяти «Сан меттан жовх1арш х1орд хилий, 1ана!» Скачать Йиллина заняти «Г1иллакхийн хазна» Скачать Буклеташ «Доьзалехь ненан мотт ларбар ден-ненан декхар»
|